Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дІа ма ала аьлла. Ткъа Іийсас чІогІа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш. Іийсас чІогІа тІедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоІана яа хІума ло», – элира Цо цаьрга. Іийсас чІогІа тІедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чІогІа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна.
Выбор основного перевода