Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна хьан аьтту бІаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул. Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тІегІерташ делахь, и куьг дІа а даккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул». «Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хІора стагана, хьеран тІулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хІорда буха вахар гІоле ду. Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах. Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дІакхосса. ХІунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гІоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул. Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тІулг, коча а оьллина, ша хІорда чу кхоссийтар гІоле ю цу стагана. Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта. Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Іийсах тешаш болчеран тобанна а,
Выбор основного перевода