Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара бохуш дерг шу тІеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогІур ву бохуш волу Эли-ЯхІу. И де тІекхачале дикка хьалха ХІарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш дина хилла. Ша гІайгІане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чІагІо бахьана долуш, ХІарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла. Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина. Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна.
Выбор основного перевода