Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. Ярушалайме боьдучу новкъахь Іийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира: «ЛадогІа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КІант динан коьртачу дайшкий, Іеламчу нахей дІалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг. Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: „Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“».
Выбор основного перевода