Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. ТІаккха Іийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чІогІа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоІ тоелира. Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гІоле хила йолаелира кІантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дІаделира цуьнан», – аьлла. ТІаккха хиира кІентан дена, иза шега Іийсас: «Хьан кІантана гІоле ю», – аьллачу хенахь хиллий. ТІаккха и стаг а, цуьнан цІахь мел берш а тийшира Іийсах.
Выбор основного перевода