Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Уьш хьо волчу схьабогІу, халкъан гуламе богІуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугІу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна сā лоху. «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гІаларчу езачу метте дІа а гІой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІора Іуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгІа дакъа дІало. Исраилхой, баркаллин сагІина лерина долу совсийна бепиг схьада, дІакхайкхаде аша шайн лаамца сагІанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дІасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», – боху Хьалдолчу Эло. Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Іадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тІехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац. ХІинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Іамал ян а деза бохучо шу Іеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тІе а чІагІдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Іадатийн а долара схьадевлла хилча, хІунда гІерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, ТІехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Іамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догІмашна тІехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац. Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тІера дІабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга.
Выбор основного перевода