Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. Доккха са а даьккхина, Іийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хІунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а». ТІаккха тІулг дІакарчийра. Ткъа Іийсас, бІаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дІахазарна.
Выбор основного перевода