Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бІаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогІах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо. Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КІоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугІу цара. Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац. Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа. Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу. Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар, цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар, цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац. Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргІада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гІоле ду шуна. Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду). И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Іедална муьтІахь боцучарна, Іесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш. Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. Ткъа кІиллойн а, Іийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Іамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цІарах а, саьмгалх а богучу Іам чохь. Иза шозлагІа валар ду». ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш. ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. И тамехь йолу хаза хьожа дІакхечира Далла. ТІаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неІалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хІаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хІума. Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош. Мекара ду адаман дог, чІогІа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа. Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неІалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? Сан вежарий, инжиран дитта тІе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тІе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац.
Выбор основного перевода