Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хІума». ТІаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хІума хьарам ма хета». Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. Веза Эла волчу Іийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц. ХІунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргІатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
Выбор основного перевода