Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза. Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цІий шена тІехь ду цунна. Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тІе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а. «Нагахь санна цхьаннан шен дас бохучуьнга а, шен нанас бохучуьнга а ла ца дугІуш юхахьара а, аьрха а кІант велахь, дас-нанас шена таІзар дича а, иза ладугІуш а вацахь, цуьнан дас-нанас иза шайн гІалин къаношна тІевало веза, шаьш дехачу гІалин кевнехь кхел яйта. Дас-нанас шайн гІалин къаношка иштта дІаала деза: „ХІара тхан кІант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хІара ладугІуш а вац, хІара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“. Цул тІаьхьа цуьнан гІаларчу бахархошка иза валлалц цунна тІулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Иза дІа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу». Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хІилла а ма леладе, дай-наний а лара“?» «Шайн да а, нана а лара» – чІагІо тІетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза:
Выбор основного перевода