Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо и къамел дечу хенахь Іийсана тІевеара гуламан цІийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: «Сан йоІ хІинцца дІаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тІе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». Шен мурдашца Иза дІаваха кечвеллачу хенахь Іийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. чІогІа дехар дан хІоьттира: «Сан йоІ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тІе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш. Іийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТІаккха цуьнан бІаьргаш тІе туй а хьаькхна, стагана тІе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХІумма а гой хьуна?» – аьлла. ТІаккха Іийсас Шен куьйгаш стеган бІаьргашна тІе дехкира, вукхо бІаьргаш шуьйра дІабиллира, цунна бІаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дІахІоьттира иза. Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Іийсана тІе. Царна хІоранна тІе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. Цкъа Іийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хІоьттира. Юххехь лаьттарш чІогІа цецбевллера. Цо куьйгаш лецира зудчунна тІехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тІаккха Далла хастамаш бан хІоьттира. Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта». Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара. Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Іуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахІала, доІа а дина, цомгушниг товира, тІе куьйгаш а дехкина.
Выбор основного перевода