Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хенара Къано схьаваллалц. ТІаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дІаделира Шен нехан кара. Цул тІаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тІееара. Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДІогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дІа ма хьовда. Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло. Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву. Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча адам, Іеса а даьлла, Далла дуьхьал эргІаддаьлча а, хІаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тІедогІур доцу дела.
Выбор основного перевода