Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хІордаш чу дахча а, ХІордийн а, церан тулгІенийн гІовгІа а, халкъийн карзахдалар а дІасацош верг а Хьо ву. Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чІогІа дегош ду. ТІаккха иза берриг а оцу къоначу кІенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цІуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо. Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цІий, цІе, кІуьран бІогІамаш. Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе. Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира.
Выбор основного перевода