Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хІунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара. «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тІаккха ваша веших а, доттагІа доттагІчух а, гІала гІаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. «ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дІаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду. Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тІом бан схьагулдийр ду. ГІала схьаяьккхина хир ю. ЦІеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГІалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гІаланах дІахадийна хир дац.
Выбор основного перевода