Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгІазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цІа вогІур вац“ бохуш, амма дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло. Амма, масала, и ялхо: „Сан хІусамда кеста цІа вогІий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Іийр ву. Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хІордкеманна чу валлалц. Амма цул тІаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хІаллакьхилира. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза.
Выбор основного перевода