Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дІалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цІа, Ярушалаймах саьлнаш йина дІахІиттийна цара. КІеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хІинца тхан мостагІаша хьаьшира Хьан деза цІа. Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хІора дийнахь доккхучу сагІанах а, Далла вас еш долу къилахь хІуманаш лелорах а, Делан цІа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхІуттучу суьртехь юьйцу зама?» И де тІекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тІулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гІиртинчо шена чІогІа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гІалина дуьхьалдевр ду. Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц.
Выбор основного перевода