Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дукха адам догІура цунна тІе: Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. ХІарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хІуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тІеэцна хилла дела. хІунда аьлча ХІарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугІура ХІарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь. Яхьъяга ладугІуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тІехь, Делан лаам тІе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира.
Выбор основного перевода