Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Цул тІаьхьа Шаул дІа а ваьккхина, Дала Дауд хІоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кІант карийна, и стаг Сан даго тІелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гІуллакхаш“. И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!
Выбор основного перевода