Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тІулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речІа а, гур а хир бу. Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тІулг, ломах ша дІакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тІе а боьжна, уьш бохийра цо. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим.
Выбор основного перевода