Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга. Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу». Цул тІаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тІехь болчу махкахула вогІура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш. Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогІур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цІерца а дахчор ду шу. ТІаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхІу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хІунда боху ахь?» ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Іийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Іийса денваларан теш хила а веза». Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара. Іийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла. Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Іийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь. «ТІаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Іама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара.
Выбор основного перевода