Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Іийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХІора дийнахь Делан цІийнан кертахь Іаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. Цул тІаьхьа Іийса гІаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца, ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама.
Выбор основного перевода