Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Ткъа аса шайна тІехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагІий, схьа а балабай, хІокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла». Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву». Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло? ТІаккха Іийсах тешарна товрат-хьехамаш дІабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тІечІагІбо. Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кІелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагІ хилийтархьама.
Выбор основного перевода