Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чІогІа цецдевллера, Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хІунда аьлча Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Іийсас. Массо а, ХІара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кІант ма ву Иза?» – бохуш. Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгІуш Іара, хІунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хІума муха хаьа Цунна?» – бохуш. Ткъа гІаролхоша жоп делира: «ХІинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».
Выбор основного перевода