Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархІ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогІу хІума а ма тоха, хІунда аьлча иза къинан сагІа ду.
Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“».