Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тІекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Іалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса, Ас Сайн нийсо улло схьаеана – иза генахь яц. Ас лун долу кІелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кІелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю». И тІедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьІІе кІелхьардовлар кхачийта“». Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тІаьхьа, беллачех гІаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а». Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тІулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речІа а, гур а хир бу. Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву». Ткъа хІунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гІуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тІулгах» тасабелира уьш, ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, ХІаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Іожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кІелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а? Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина».
Выбор основного перевода