Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо къаьмнашна юкъахь маслаІат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. Цо дукха халкъашна юкъахь маслаІат дийр ду, генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а». «Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш. Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо, Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Іийсас, ХІунда аьлча Шен дикачу Іалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гІуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.
Выбор основного перевода