Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Іад а дулий, уьш цунна тІе хьажадо. Веза Эла сагІа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цІенна хІиттийначу бІогІамашна тІе, баххаш ластийттал, хІума тоха. И бІогІамаш массеран а кортош тІе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хІаллакбийр бу. Царах цхьа а дІа а вадалур вац, цхьа а кІелхьар а валалур вац. «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо.
Выбор основного перевода