Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» Цхьадолу адамаш чІогІа Іийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. ТІаккха оцу нахе Іийсас хаьттира: «ХІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хІун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира Парушхой а, Іелам нах а чІогІа Іийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. ТІаккха Іийсас хаьттира Іеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?» Церан Кхуьнга ала хІумма а дацара. Цундела, Іийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Іийсана дуьхьалбевлира. Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгІазло хІунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? Ткъа Іийсас, поппар а бина, бІаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара. ТІаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тІехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира.
Выбор основного перевода