Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан меттамотт а бассийна хуьлийла, церан четарш чохь цхьа а ма вехийла. Декъал хуьлда Везачу Элан цІарах вогІуш верг! Везачу Элан цІа чуьра оха шу декъалдо. «Аса Со чохь Іаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дІатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагІийн кара дІаделла. Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“». Цунна хьалха а, тІехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КІантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цІарах вогІуш Верг! ХІашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!» «Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.
Выбор основного перевода