Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хІаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дІабоьлху цу новкъахула. Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. Эмкална а механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хІора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун. Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало. Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтІахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чІогІачу кхерарца а, дегІе зуз дарца а кхидІа къахьегалаш, шайн кІелхьардовлар кхочушхилийтархьама. Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. Тешарца боьзна болчу дикачу тІамехь хьуьнарца тІом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тІеэца гІерта. Цу дахарна Дала хьо тІекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.
Выбор основного перевода