Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву. Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац. ДІадовла уллора, харцонаш лелораш, хІунда аьлча дІахезна Везачу Элана сан велхаран узарш. Телхина ойланаш ас дага чуьра дІахерйийр ю. Вон хІуманаш суна девзар дац. ХІора Іуьйранна ас совцор бу махкахь болу массо а Іесанаш. Везачу Элан гІалара Аса дІабохур бу берриш а харцонаш лелош берш. ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“» Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“ ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг. Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
Выбор основного перевода