Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХІародана Іийсах лаьцна хезна хилла. Тибар паччахь волу пхийтталгІа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхІуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХІарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цІе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, Іийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХІародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хІунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла,
Выбор основного перевода