Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву. Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. «Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Іалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гІуллакх дар а». Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». Нагахь Делан Йозанашна тІера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду.
Выбор основного перевода