Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дІавайалахь Айхьа тІеязвинчу Хьайн тептар тІера». Дийна болчеран тептар тІера церан цІераш дІайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цІерашца цхьаьна церан цІераш ма язйойла. Цийонан гІалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а – Ярушалайм-гІалахь дахарна дІакъастийначех массарех а – Дала базбинарш эр ду. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“
Выбор основного перевода