Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. Ойла ца ечеран хьекъал хІума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду. Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хІуттуш делахь, иза валаран некъа тІехь болчарна ду иштта.
Выбор основного перевода