Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Аса хьо ца вохуьйту, хьуна ца бевза хала мотт буьйцучу дуккха а долчу къаьмнашна тІе. Уьш болчу а вахана, цаьрга хьо вистхилча, цара хьоьга ладугІур дара. «Адаман кІант! Цора-гІалин бахархоша вониг дуьйцура Ярушалаймах лаьцна: „Жолам-яІ! Кхидолу къаьмнаш долчу кхочуш долу ков хилла йолу и гІала йохийна ю! Йохкар-эцаран неІ тхуна схьа-ма-йиллина! И гІала хІуй-пака а яьккхина, тхайна хьал схьагулдийр ма ду оха!“ «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара. Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Іаламаташ хиллехьара, иза хІара де тІекхаччалц лаьтташ хир яра.
Выбор основного перевода