Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. Цуьнан бІаьрг иштта бу Дамасакх-гІалина уллохь болчу Хьамат-махкана тІехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦІадан а гІаланашна тІехь а. «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.
Выбор основного перевода