Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
„Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“» амма хьох Ас доІа дина, хьан Делах тешар лагІ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тІе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чІагІделахь». Сема а, ларлуш а хила. Іуьно Іалашбо бажа санна, Дала Шен КІентан цІийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Іийсах тешачу нехан тоба Іалашъе. ХІинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас. Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Іалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега. Шайн куьйга кІелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе. ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна. ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш».
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода