Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Кхин дуккха а тамашийна гІуллакхаш дира Іийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тІехь яздина а доцу. Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта. Іийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хІума массанхьа а Шеца дузадо.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода