Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха.
Бой юьзначул тІаьхьа, чІерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тІаьхьа цара, охьа а ховший, дика чІерий дІахоржу, ткъа вуьш дІакхуьссу.
Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чІерий лийцира. И бойнаш эттІал чІогІа дукха чІерий дара царна чохь.
Мурдашна, хинкеманна тІера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кІоран алу а йолуш, цунна тІехь чІерий а, юххехь бепиг а гира.