Ткъа Кипа, хьалагІаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Іохкуш кІадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чІогІа цец а вуьйлуш.
Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІинца лаьцначу чІерех цхьадерш схьада кхуза».
Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра.