Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Мурдех Іийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тІе тевжина Іаш вара. Оцу мурде ШамІа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Іийсага хаттахь аьлла. Оцу мурдо, Іийсан некха тІе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» – аьлла. ТІаккха Іийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХІара Веза Эла ву». Ткъа ШамІа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гІодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода