Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дІалур ву. Цара Иза жІарах дІатухур ву. КхозлагІчу дийнахь Иза денвийр ву». «Шуна хууш ду ши де даьллачул тІаьхьа „Пасахь“ олу деза де тІекхочуш дуйла а, Адамийн КІант жІарах дІатоха дІалур вуйла а». Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КІант а ву хьалаваьккхина хила везаш, Цундела Іийсас элира: «Шаьш Адамийн КІант хьалаваьккхича, тІаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хІума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тІеозор ду Ас». Иза Іийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама.
Выбор основного перевода