Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гІаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дІа хІун хир ду хьожуш. Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гІуллакх деш болчаьрца цІарна хьалха вохлуш вара. Цара Іийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цІа чу вигира. Кипа, царна гено тІаьхьа а хІоьттина, вахара. Гулбелларш, кертахь цІе а латийна, бохлуш хевшина Іаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Іаш. ТІаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара. Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тІаьхьавогІу, Іийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Іийсан некха тІе а таьІна Іийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.) Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цІийнан керта воьдуш.
Выбор основного перевода