Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цІийнан тхов тІе а довлий, мохь туххуш дийца. Цу хенахь Іийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХІора дийнахь Делан цІийнан кертахь Іаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. И къамел дира Іийсас Къапарнамехь гуламан цІа чохь, Ша нахана хьехамаш беш. Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Іийсас, Делан цІийнан керта а вахана, хьехамаш бира. ХІинца ХІокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хІетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хІума ма ца олу. Билггала ХІара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой?
Выбор основного перевода