Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахІалан бета тІе хІума тоха аьлла. ПахІала элира цуьнга: «Дала таІзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хІетте а харцонца суна етта боху-кх ахь». Уллохь лаьтташ болчара элира ПахІале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!» ПахІала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тІехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».
Выбор основного перевода