Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“». ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а». ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? ХІун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!» Цхьаболчара юьхь тІе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тІара детташ, мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?» Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. ХІунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догІура. Цхьаболчара, хьала а гІевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хІара Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дІахІоттор ду“, – аьлла». Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогІуш дацара. ТІаккха динан коьртачу дас, юккъе дІа а хІоьттина, хаьттира Іийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» – аьлла. Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» Іийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтто агІор хиъна Іаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а». ТІаккха, шена тІера бедар а ятІийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хІун тешаш оьшу вайна? Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Іийса веран кхел къобалйира. ТІаккха цхьаболчара Іийсана тІе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бІаьргаш дІа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хІинца!» ГІаролхоша а еттара Цунна. Іийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. Цара, Цуьнан бІаьргаш дІа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?» Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хІуманаш дуьйцура цара. Іуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Уьш болчу валийра Іийса. «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара. Іийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац. Амма хІинца дуьйна дІа Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іийр ву». Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КІант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву». ТІаккха цара элира: «Кхин хІун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»
Выбор основного перевода