Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дІавигира. Кхузахь гулбелла бара Іелам нах а, къаной а. Іийса динан коьрта да волчу цІа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Іелам нах а гулбеллера. динан коьрта дай бара Іанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кІанте Яхьъяга Делера хаам хилира. Цара Іийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цІа чу вигира. Кипа, царна гено тІаьхьа а хІоьттина, вахара. ТІаккха Іийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тІехьажийра Іаннас. Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хІумма а ца хаьа, я шу кхета а ца кхета шайна гІоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гІоле ю, дерриг халкъ хІаллакьхуьлучул».
Выбор основного перевода