Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«Исраилхошка иштта дІаала: „Нагахь шух я шун тІаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Іоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза. Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дІахІитта цІанбалаза берш тІех дукха хиларна, церан Пасахьан Іахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хІуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Іахаршна урс хьаькхира левихоша. Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цІанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагІина беанчу Пасахьан Іахарх йолу хІума. Уьш кхин дІа а Ярушалайме дІабахара. Іийса хьалхаваьлла вогІура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тІаьхьа хІиттина боьлхура. Іийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна: Цул тІаьхьа Іийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь. Ткъа тІедогІуш дара «Пасахь» олу деза де. Уьш схьа а эций, цІинваларан Іадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дІа а ло. ТІаккха хІоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла. ПахІала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгІачу дийнахь цаьрца цІинваларан Іадат кхочушдира. Юха, Делан цІийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цІиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хІораннах а сагІа маца доккхур ду а аьлла.
Выбор основного перевода