Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЯрбаІамна тІаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гІаланаш схьаехира Аби-ЯхІус: Бетал-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Іепрайн-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а. Цул тІаьхьа Іийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь. Цул тІаьхьа Іийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхІуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира. Цул тІаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Іийса. ЯхІуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш.
Выбор основного перевода